Categories

معلومات المواد باللغة العربية

Islamic Knowledge Source Texts

Number of Items: 5

  • Chechen

    MP3

    Имам Нававийн 42 хьадисан а, уьш 50 дузуьйтуш Имам Ибн Раджаба тIетоьхна долчу 8 хьадисан а маьIна деш Шейх Iабдул-Мухьсина яздина жайна ду хIара, нохчийн матте Олхазара маьIна деш.

  • Chechen

    PDF

    Жима а, мехала а долу жайна ду хIара, адамана хаа дезаш долу баххаш дуьйцуш: Дела вовзар а, тайп-тайпана долу Iибадаташ довзар а, дин довзар а, динан даржаш довзар а, Пайхамар (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) вовзар а, иза ваийтаран бахьана довзар а, эхартахь адам гIаттор долуш хилар довзар а, тIагIутаца керстадар а, АллахIах тешар а дуьйцуш.

  • Chechen

    MP3

    Бакъонца хьожуш волчо дац олийла йоцуш цхьа хIума ду вайна юкъахь: дуккха а бусалба нехан дегнашкахь Ийман гIийла хилар. Дуккха арз деш нисло бусалба стага, шен дог шогу ду бохуш, Iесалла атта йо ша бохуш. Кхузахь дуьйцург – оцу балхана дарба дар ду.

  • Chechen

    Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) яздина долу «Дикчу нехан бошмаш» (Риядуссолихьин) цIе йолу жайна чIогIа дезчу жайнех ду. ХIунда аьлча цо гулдина долу дела шена чохь, бусалба стагана а, зудчунна а хIора дийнахь шен дахарехь а, Iибадат дарехь а оьшуш долу хIуманаш. Ткъа хIокху жайни юкъара хьадисаш дерриге – цхьа кIеззиг дерш доцург – нийса хьадисаш ду, хIара жайна кхин башха доккха а дац, атта а ду, бусалба дин довзарехь доьххьара дIаволалуш волчунна а, Iилмангахь генаваьллачунна а цхьатерра пайдехь а ду. Цундела хьакъ ду хIара Iамо а, деша а.

  • Chechen

    MP3

    Дала Шен къинхетамца Шен лайшна дикаллин хенаш елла, шайна чохь динчу дикчу хIуманан мел совболуш хуьлуш, къинош дIадойъуш, даржаш лакхадохуш. Оцу хенех уггар яккхийчерах ю Рамадан бутт, ша кхабар Дала парз дина болу. Ткъа и бутт кхабар иштта доккха маьIна долуш хилча, цуьнца доьзна долу коьрта хаттарш ду кхузахь довзуьйтур дерш: цуьнан ахькамаш а, гIиллакхаш а, суннаташ а.